- Аллахlан цlарца!)
кхета луушволчунна боцца кхетам!
Ас хьайг хlар дешна аьлчи, со хьайца ойхьаз волуш хета хьуна?, йа ас хьо цалору аьлла хетало хьуна?
Ас олурга-м ше маьlнац аьлчи, хlари бен даци;
АсСаламу lалайкум - Аллахlера маршо хуьлда хьуна
Ва рахьматуЛлахlи - Цуьнгара къинхетам а
Ва баракатухlу - Цуьнгара беркат а!
вон хlумма а дари цу юкъахь? ше дега а, йа шен ненега а, йа шен доьзале а, стага зудчуьнга а, гергарачара вовшашка а, ала цамегаш вон хlумма а гири хьуна цу юкъахь?
тlакх ас хьайга оццал хаза дешнаш аьлча, иштта хаза доlа ас хьайна дича, ахь ала мегаш дацкхи - тlакх суна доьхьала:
"Ва lалайкум асСалам - хьуна а хуьлда Делера маршо
Ва рахьматуЛлахlи - Цуьнгара къинхетам а
ва баракатухlу - Цуьнгара беркат а!
хаз доlа дацар из кхи?
вон хlуммаъ ма дацар цигахь-м! )
Къуръанера а, суннатера а ше баххашцана вай и дийца даккхахь, къамаьл дехха дахлур ду, вай-м йоьхьенца къамаьл долош а элири:
кхета луушволчунна боцца кхетам!
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Комментарии 1