1- Фарз ламазаш дар.
2- Мархийн бутт кхабар.
3- Терхьаш дар.
4- Марха даста сихо яр.
5- Iуьйкъе мелла а тIаьхьататтар.
6- Витр ламаз дина ваьлча кхузза « субхьанал-маликил-къуддус»
алар.
7- Фарз ламазашца деш долу суннаташ дар.
8- Духьа ламаз дар.
9- СагIа далар.
10- «Ла илахIа иллаллахI» бахар.
11- « СубхьаналлахI» бахар.
12- «АлхьамдулиллахI» бахар.
13- «АллахIу акбар» бахар.
14- «Ла хьавла вала къуввата илла биллахI» бахар.
15- Молла кхойкхуш, цунна тIаьхьараалар.
16- «АстагIфируллахIа ва атубу илайхIи» бахар.
17- ДоIа дар.
18- Пайхамарна салават диллар.
19- Къуръан дешар.
20- Цуьнан ойла яр.
21- Иза дагахь Iамор.
22- Iилманан агIора цунах дерг Iамош долу дарс эцар.
23- Цуьнан тафсир дешар.
24- Кхечунна и дIахьехар, къаьсттина кегийчарна бисмал хьехар.
25- Тоба дар.
26- Деца-ненаца дика хилар.
27- Шен гергарлонаш дIахIиттор.
28- Шен ден-ненан доттагIашца гергарлонаш дIахIиттор.
29- Хьешан ларам бар.
30- Хьаша дIахьажор.
31- Лулахошца дика хилар.
32- Салам даржор.
33- СагIийна кхача балар.
34- Къамел хаза дар
35- Iуьйранна, суьйранна деш долу азкараш лардар
36- Кхидолчу белхашкахь долу азкараш лардар.
37- ДIавуьжуш ламаз керахь долуш вижар.
38- Рузбане вахале лийчар.
39- Хаза хьожа йогIу хIума хьакхар.
40- Хьалххе дIавахар
41- Мелла а хьалха гIортар, имамана герга.
42- МогIарехь еса меттиг ца йитар.
43- МогIа дIабузар.
44- Велакъажар
45- АллахIан кхолларийн ойла яр
46- Бусалба нахера шена хуьлучу новкъарлонашна собаре хилар.
47- Цаьрца дика юкъаметтиг лелор.
48- КIеда-мерза хилар, сиха ца хилар.
49- Юьхь елаелла хилар.
50- ОьгIазло сацош хилар.
51- Ша йина чIагIо кхочушъеш хилар.
52- Тоба даран ламаз дар.
53- Ламаз эцаран суннат ламаз дар.
54- Хьехар деш хилар.
55- Цахуучунна хьоьхуш хилар.
56- Дика дерг де олуш хилар.
57- Вон дерг ма де олуш хилар.
58- Шена зулам динчунна гIо деш хилар.
59- БIаьрг ларош хилар.
60- АллахIан дуьхьа шен бусалба вежарий болчу хьошалгIа вахар.
61- Велла стаг дIавуллуче вахар.
62- Шега цхьа бала кхаьчначуьнга вистхилар.
63- Цомгуш волчунна тIехIотта вахар.
64- Кхайкхинче вахар.
65- ГIайгIане волчун догъэцар.
66- Ламаз динчул тIаьхьа ламазе хьежар.
67- Маьждиге Iилма Iамочу мажлисашка вахар.
68- Iеламнехан ларам бар.
69- Нахана беш болу цакхетамаш гучубахар.
70- Суннаташ даржор.
71- СовгIат луш хилар.
72- АллахIан дуьхьа бусалба стаге куьг луш хилар.
73- Воккхачун ларам бар.
74- Декхар такхар.
75- Хьашто йолчуьнга юхалург далар.
76- Хала воллучуьнгара хьайн декхар схьа ца дехар.
77- Декхар Iаддитар я цунна и дайдар
78- Декхарийлахь болчеран декхарш дIадала хьажар, хьаштонехь
болчеран чек тIехь дерг дIадалар.
79- Хьайн шафаIат дан йиш йолчунна шафаIат дар.
80- Дохковаьллачунна гечдар.
81- Нахана зен деш ерг новкъара дIаяккхар.
82- Йохк-эцарехь вовше могуьйтуш хилар.
83- Бусалба нехан сакхташ хьулдеш хилар.
84- Бо бере хьажар.
85- Йисина Iачу зударшна гIо дар.
86- Маьждигаш доттар
87- Дикачунна нах тIенисбар.
88- Жайнаш арахецар.
89- Интернет чухула Iилма даржор.
90- Хьехам бар, цу хьехаме ладогIар а.
91- Зуда яло гIертачунна гIо дар.
92- Дов даьллачу шинна юккъехь барт бар.
93- Дикачу нахаца гергарло лелор.
94- Вакъфана хIума охьайиллар.
95- Iумрат дар.
96- АллахIан дуьхьа безам хилар
97- КъинтIера волуш хилар.
98- Шен гIуллакх деш волчунна гIо дар, я и гIуллакх дан ца хууш
волчунна айхьа дар, я ишттанехьа вулуш цунна гIо дар, я иза Iамор.
99- Нахана хазахетар дар.
100- СагIийна кхача балар.
101- Бо берана коьртах куьг хьакхар.
102- Ламаз керахь латтор.
103- Шен йижарийн, мехкарийн доладар.
104- Шен хIусамнанна, доьзална харжъяр.
105- ХIусамдас шен гIуллакхе кхайкхича, хIусамнана цунна муьтIахь
хилар.
106- Цуьнан хIусамехь гIуллакх дар.
107- Маьждигаш цIандар.
108- Нахана хи далар.
109- Дика динчунна баркалла алар.
110- Цунна дуьхьала дика дар, цунна доIа а дар.
111- АллахIах кхоьруш велхар.
112- АллахIе шахIид ве бохуш дехар.
113- Кхача цхьаьна баар.
114- КIайн бедар йохар.
115- Къе делла чоьш басардар.
116- Ялта дIадер дикачу ниятца.
117- Бусалба нехан хьашташка хьожуш хилар.
118- Бусалба стегаршна, зударшна гечдар дехар.
119- Зудчун дегIан лаам кхочушбар.
120- Рукъяташ дешарна Делера йоле сатийсар.
121- Велларг лийчор, цунна марчо хьарчор, Делера йоле сатуьйсуш.
122- Шена цхьа дика болх хилла бусалба стаг декъалвар.
123- Бакъонца весет-кехат яздар.
124- Бусалба стагана тIе духар дохар.
125- ТIе хIума юхуш аьтто агIо хьалхаяккхар.
126- ТIера хIума дIайоккхуш аьрро агIо хьалхаяккхар.
127- Молург охьахиъна малар.
128- Леш волчунна уллехь нисвелча, цунна «ла илахIа иллаллахI» ала
дагадаийтар.
129- Ша деш долу хIума «бисмиллахI» олуш дар.
130- Сивак лелорна тIехь сутара хилар.
131- Айхьа юхалург яьккхина хIума кхин а дикачу агIора юхаерзор.
132- Истихарат ламаз деш хилар
133- Баркаллина сужуд деш хилар.
134- ШарIехь гIоли агIо елахь, биина дуй къарбина, цунах гIуда
текхна, и гIоли дерг дар.
135- ХIусмехь шен охIланна гIо дар.
136- Маьждиге гIаш вахар.
137- Ламаз деш хьалха хIума йиллар.
138- Къуръан мукъамехь деша хьажар.
139- Цхьанхьа чувоьдуш пурба даккхар.
140- Бага гIатточу хенахь, ца гIаттош, сацо хьажар.
141- Iуьйра ламаз диначул тIаьхьа, малх хьалабаллалц айхьа ламаз
диначехь сацар.
142- Шен хIусамнене, доьзале ламаз де аьлла омра деш хилар.
143- Шен хIусаме чувеъча, араволуш ши ракаIат суннат ламаз дар.
144- ТахIажуд ламазе хьалагIоттуш юьхь тIе куьг хьакхар, «Али
Iимран» суратан чаккхенгара аяташ дешар.
145- Ламаз кхоччуш эцар.
146- Хьоршам тоьхначуьнга «йархьамукаллахI» алар.
147- Цхьа шен хьашто хоьттуш волчунна нийса дерг гайтар.
148- ДIавуьжуш ламаз керахь долуш вижар.
149- Цхьалха висинчун догъэцар.
150- Генара веънарг тIеэцар.
151- Маьждигаш чу хаза хьожа йогIу хIума тохар.
152- Маьждигаш чу а, иштта кхечанхьа а Къуръанаш охьадахкар.
153- Сайташ чохь а, каналаш чохь а, радиош чохь а Iилма даржор.
154- Iилманан дарсаш хIиттор.
155- Духар а, кечлуш лелорг а, пхьегIаш а, гIирсаш а, кхин муьлхха
пайда оьцург а оьшучуьнга луш хилар.
156- ГIоьналлин фондаш а, дикачу балхана заведениш а яр.
157- Iилма Iамочарна ахчанан агIора оьшург латтор, Iилма Iамо уьш
паргIат хилийтархьама.
158- Бусалба нехан берашна жайнаш яздар, царна программаш
кечъяр.
159- Iилма кхечарна дIакхачор. « Вайга ладоьгIна, иза дикка кхета а
дина, дагахь Iамийна, иза кхечунна дIакхачийначун юьхь АллахIа
нуьре йойла» боху дешнаш коьрте лаьцна.
160- Бусалба нехан сий тIе цхьаъ кхийдачу хенахь гIо даккхар.
161- Къуръане ладогIар.
162- Iилма Iаморехь а, кхечу диканехь а нах шовкъе бар, царна
совгIаташ дарца.
163- Берашца кIеда-мерза хилар.
164- Дика Iамалш йо хенаш нахана дагайохкуьйтуш хилар.
165- Аманаташ лардар я аманатна ларъе аьлла елла хIума елахь, и
юхаялар.
166- Цомгушчунна дарба лело хьажар, АллахIера йоле сатуьйсуш.
167- Хьайбанашна, олхазаршна дика дар.
168- Мархийн беттан тIаьххьарлера итт буьйсанна къаьсттина
къахьегар.
169- Шен чуьранаш тахIажуд ламазе самабохуш хилар.
170- ИIтикаф дар.
171- Лайлатул-къадр буьйса ларъяр.
172- Цу буса Iибадатехь алсам къахьегар.
173- Цу буса АллахIе къинтIера валар дукха дехар. «АллахIумма
иннака тухьиббул-Iафва фаIфу Iанни» боху доIа дукха дарца.
Шайх Мухьаммад Салихь Мунажжид
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев