Ассаламу lалайкум. Ибн Таймиййата хlара дешнаш lуьйра ламаз дича делкъ хан хилле шовзткъуз (40) аьлчунна Аллахlа дог ден дийра ду аьлла бохург бакъ дуй, бакъ делахь иштта и дешнаш олуш лелор дик дуй?
"Я хьай-ю я къай-юм, ла илахlа илла анта" (О Живой, О Вседержитель! Нет божества, кроме Тебя).
Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
-И дешнаш Ибн Таймиййата мутlелам хилла волу Ибн Къаййима далина ду, ше Мада́риж ас-Са́лики́на аьлла долчу жайнехь, Ибн Таймиййата олуш хезир шена аьлла, хlора lуьйран делкъа хан хилле шовзткъуз (40) и дешнаш олуш волчунна Аллахlа дог ден дийр ду, иза бакъ ду Ибн Таймиййата аьлла бохург.
-Амма иштта и дешнаш олуш лелор дик дуй аьлча, я церан бух мичар бу аьлча, и дешнаш дуккха lелам наха далийна ду иштта алар дик ду бохуш, цхьа болчара lуьйран делкъа хан хилле алар дик ду олуш, кхи болчара динахь мич хена аьлча кхачам бу олуш, делахь церан бух цхьацан дикчу нахан, кхи болчарна гlенах Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам гинер, Пайхамар гlенах аьллера иштта и дешнаш ала бохуш, иштта цу тlера схьа догlуш хlума ду иза.
-Ткъа Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам гlенах лела де аьлча иштта хlума лело йиш юй аьлча, йиш яц дер-кх! хунда аьлча, бусалб дин кхочуш хилла даьлла ду, Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам тlаьххьара дlа кхалхале хьалха хьаж да вахна волуш, lарафатехь лаьтташ волуш "Тахан шу дин кхочуш хили" аьлла аят доьссина сурат ал-Ма́идат чохь, дин кхочуш хилла, хьала дуьзна даьлла ду дин, цул тlаьхьа кху дин тlе тоха дезаш, я тlе тоха йиш йолуш а, я тlера дlа даккха йиш йолуш а цхьа а хlумма дац, кхочуш хилла даьлла дин, цул тlаьхьа юккъе мел декхнарг бидlат ду, ткъа бидlат дерриге тилар ду, и дерриге тилар жоьжахатехь а хир ду бехна Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам вайга! Дала Къуръан чохь аят а доссина, шу дин кхочуш хилла аьлла чулла тlаьхьа, гlан гини, гlенах де элари бохург цхьа а бух болуш, я чот йолуш къамел дац, я тергал деш къамел а дац, гlенах гинарг милла велахь! гlенах Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам гина цо цхьа хlума де бахахь, нагахь и цо гlенах де аьлларг динца догlуш хlума дацахь, суннатехь бух болуш хlума дацахь, цхьана адми бакъо яц и хlума лело шега гlенах де аьллер бохуш, гlан иза гlан ду, гlан Делера хаам лоруш хилла Пайхамаршна, гlенах гина долу хlума шеш сама бевлча дан а дезаш, и шайга де аьлла Дала шайна бина хаам буй хууш хlума хилла иза Пайхамаршна, амма вай Пайхамарш дац, Пайхамарш кхи хира болуш а бац вай Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам дlа ваьлла чулла тlаьхьа, тlаккха вайна гина гlенан чот яц, чот яц бохург ху ду? гlенах гинер аьлла хlумма дан йиш яц вай бусалб динехь цу хlуман бух бу бац ца хьовсуш, я бусалб динехь иза нийса ду дац ца хьовсуш.
-Тlаккха буй лакхахь хьахина долу дешнаш хlора дийнахь шовзткъуз (40) аларан бух аьлча, далил дуй цу хlуман аьлча, цунна бух боцуш бу, цу хlуман цхьа а далил дац, я цхьа а хьадис дац иштта цу кепара, цун дела иштта дерг лелон мегар дац, суннатехь бух болуш шортта доlнаш долуш ду, мухха кепара Дела хьеха варо ден деш ду дог.
-Ибн Таймиййата алар дик ду бохуш долчу дешнашан бух бац вай муха олу аьлча, бух боцан дера олу-кх! вай Ибн Таймиййатан lибадат деш доцан дера олу-кх, цхьа болчу наха вайна тlехь иштта харцом юцу, шай lелам наха аьлларг мега царна, Ибн Таймиййата аьлларг бен къобал ца до цара, Албанис аьллачунна далил ца хотту цара бохуш, иштта и ерриг вайна тlе кхуллуш йолу харцо ю, вай некъ иштта бац, вай некъ нийса дерг схьа эцар, далил долуш аьлларг схьа эцар и хьам аьллехь, далил доцуш аьлларг lад дитар и хьамма аьллехь, и бу вай некъ, нийса болу некъ а бу иза! Ибн Таймиййата бахахь, Албанис бахахь, хьам бахахь башхалла яц, цо бохуш долчунна далил дуй, схьа оьцар ду, цо бохуш долчунна далил даци, иза нийса дац, цунна далил дац аьлла дуьтар ду, цунна луьйра дац, цунна lиттарш йир яц, цунна во дерг бохург дац, иштта хила дезаш ду вай, иштта долш а ду вай.
-Амма Ибн Таймиййата хlунда аьлла иштта и дешнаш алар дик ду, церан далил ца хилча аьлча, Ибн Таймиййат а кхи болу lелам нах санна lелам стаг волан дера, кхи болу lелам нах ма бовлар гlалат вала йиш йолуш волан дера, Пайхамар ма вац иза! гlалат бовларха лар бинарш Пайхамарш бен бац, цун дела муьлхха lелам стага бохуш долу хlума цунна далиле хьежан схьа эца дезаш ду, далил делахь схьа оьцар долуш, далил дацахь lад дуьтар долуш.
-Нагахь цхьаммо алахь, иштта и дешнаш алар бух болуш даци вайна хиин хилча, оццул доккха lилма долуш волу Ибн Таймиййатан хунда ца хиъна цу хlуман далил даци алахь, ша олучу хена цхьана хlуман тlе тевжина аьлла хир ду цо, я цхьана хьадис карина хир ду цунна цу хьокъехь, делахь тахан вайга схьа кхечна долчу хьадисашкахь иштта хlума доцуш ду, тlаккха Ибн Таймиййата цхьаъ дацахьара аьлла хир дацар аьлла вайна схьа гуш, вайна схьа деан хьадис доцуш и хlума схьа эцна вай лело йиш яц, мухха цхьа агlо нис елла хир ю цунна, и агlонаш шортта ю, амма мухха делахь а юха тlаккха вай бакъо яц вайна схьа гуч белла бух боцуш и хlума схьа эцна лело, иза воккха lелам стаг вар, цхьаъ дац хьара цо эра дацар, я иза бидlат дийр долуш вацар аьлла тlаьхь даха вай бакъо яц далиле ца хьовсуш, ас хицца ма аллара далил делахь схьа оьцу вай и бохуш верг милла велахь, далил доцарг lад дуьту вай и бохуш верг милла велахь, иштта бу вай некъ... https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев