Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: ПIерискан дийнахь шена салаваташ дахкар дукха делаш, пIерискан дийнахь шена цхьаммо а салават дуьллур мадац цо диллана салават шена схьа кхочуш бен.
Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: "Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тIера итт гIалат а дIадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву".
---Бусалба ялсамане вохуьйтуш долу бахьана:
- Парз ламазаш а, Рузбан ламаз а лардар:
Церан гIайгIа яр Иза, уьш дуьззина дарца хир ду, АллахIа омра ма-дарра, церан хенашкахь а, сибаташкахь а, куцошкахь а.
АллахIан элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Пхи ламаз а, рузбанна тIекхаччалц долу рузба а, Рамаданна тIекхаччалц болу Рамадан а шайна юкъахь эгна къинош дIадохуш ду, даккхийчу къиношха ларвелча хьана».
АллахIан элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Лерина, дика ламаз а эцна, цул тIаьхьа рузбана а вахана цо (хутIбанга) вист ца хуьлуш ладоьгIча, цунна гечдийр ду цунний, тIедогIучу рузбанний юкъахь долчунна, кхин а кхо де сов а доккхуш...
ХутIба дечу хенахь дIасахьежар, муьлхха хIума ловзор, шен ши куьг саца цадар, къамелаш дар, рузбанан йолах воккхуш ду.
---Стаг жоьжагIате вохуьйтуш долу бахьана:
- Рузбанан ламаз дитар:
Дуккха а нехан шайн динан гIуллакхашкахь тидаме цахилар, ледарлонаш яр, кIадонаш яр сел генадаьлла, маьждигехь рузбанан ламазаш дар а дуьтуш. Рузбанан ламазан метта шайн цIахь диъ ракIат делкъа-ламазаш до цара. Цара и даран бахьана - маьждигехь рузбанан ламаз даран ял а, и дитаран къа а цадовзарна ду.
Абу ХIурайрас а, ибн Iумара а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), ша дечиган минбар тIехь (лаьтташ волуш), олуш хезна шайна аьлла: «Аса дуй буу: нах я рузбанан ламазаш дитарах юхабевр бу, я АллахIа, церан дегнаш дIа а къевлина, тIе мухIар тухур ду, ткъа цул тIаьхьа, билггал, гIайгIа-бала боцучеран могIарехь хир бу уьш»
[Муслим: 865]
Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Цхьа а бехказло а йоцуш, кхо рузба дитина верг - мунепикъийн могIарехь дIаязво».
Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «КIадо а йина, кхо рузба дитина волучуьнан дагна тIе АллахIа мухIар туху».
Сан лараме ваша! Ойла ехьа, ткъа, рузбанан ламаз а ца деш, и дитина волучуьнгахь АллахIа кхо Iазап муха гулдо:
Цхьаъ: гIайгIа-бала боцучеран могIаре хIутту иза.
Шиъ: мунепикъийн могIарехь дIаязво иза.
Кхоъ: АллахIа дагна тIе мухIар туху цунна. https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев