Аллахlа боху Шен сийлахь долчу Къуръан чохь:
يَرْفَعِ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَالَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ دَرَجَاتٍ
«АллахIа даржашкахь лакхабоху шух иман диллинарш а, шайна Iилма делларш а».
Иштта Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) боху шен хьадисехь:
«Аллахl а, Цуьнан маликаш а, шен бен чохь долу зингат а, хlорд чохь болу чlара а цхаьна, нахана дика дерг lамочарна салаваташ дохкуш ма бу».
Кхечу хьадисехь боху Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам):
«lеламстагний, lабидний юккъехь йолу башхалла - суний, шух уггар лахарчунний юккъехь йолчулла башхалла ю».
lабид - иза чlогlа lибадатна чувоьлла, дерриг дуьне дlа а тесна, деккъа lибадат деш шен дахар дlалуш верг ву. Иштта дерриг дуьне дlа а тесна lибадат дечунний, lеламстагний юккъехь йолу башхалла хlун ю аьлча, боху Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам), шений, шух уггар лахарчунний юккъехь йолчулла башхалла ю боху.
lеламнехан дозалла дуьйцуш долу аяташ, хьадисаш шортта ду, уьш дерриш а дийцина девр доцуш, делахь а, хlорш царах цхьадерш дара.
Оццал Аллахlа а, Цуьнан Пайхамара а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) базбина lеламнах. lилма долу нах оццул лакхара лерина Аллахlа а, Цуьнан Пайхамара а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам). Оццул Аллахlа а, Цуьнан Пайхамара а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) лакхара лерина болчу lеламнахана луьш яьржина цхьа боьха цамгар ю тахана вайн нахана юккъехь.
Тlаккха цу цамгарх дерг а, lеламнахана леран хlун lалашо ю а, хlунда луьш бу lеламнахана, иза хьан юкъадаьккхина ду, хьенан болх бу иза бохуш долу хlуманан тарих юьйцур ю вай.
Делахь, вай дийца дуьйладалале, lеламнах бохучух лууш берш муьлш бу, «lеламнах» вай аьлча, буьйцурш муьлш бу я и lеламнах а муьлш бу довзуьйтур ду вай дуьххьара.
Нийса lакъидат тlехь волчу, ахlлус-суннахl вал жамаlахl волчо «lеламстаг» аьлча, цуьнга хетта а ца оьшуш, хьуна хаа деза цо вуьйцуш верг нийса lакъидатехь волу, ахlлус-суннахl вал жамаlахl волу lеламстаг вуй. Иштта цо lеламнах буьйцучу хенахь, буьйцурш бидlат охlланах болу lеламнах баций хаа деза хьуна, нийса lакъидат йоцу lеламнах баций хаа деза хьуна. Цундела, вай lеламнах буьйцучу хенахь даима а кхеташ хила деза, буьйцурш бидlат лелош болу а, нийса lакъидат йоцу а lеламнах баций.
Тlаккха и lеламнах муьлш бу?
Уьш муьлш бу цахааро шортта хlума галдаьккхина вайн, хьанна а дlаолу вай «lеламстаг ву».
lеламстаг мила ву, и муха вевзуш ву?
lеламстаг дуккха а нахана суьрта тlехь, видео тlехь бен гина а воцуш верг ву-кх. Нохчийчохь, я Кавказехь, я дийна Раси пачхьалкхехь тахана воцуш верг ву. Веза-м везара вайна, эша а оьшура, делахь а, вац-кх и. Дешна нах а бу, lилма долуш нах а бу, дика lилманах кхеташ берш а бу, делахь а, lеламстаг вац. «Хlоккхахь пхеа шарахь дешна; Сирехь итт шарахь дешна; Саlудехь университет яьккхина; Мисрехь ткъа шо даьккхина», - аьлча хуьлуш вац lеламстаг. lеламстаг бохург цхьа хlума ду, дешна, lилма долу стаг бохург кхин хlума ду. Чlогlа йоккха башхалла йолуш ши хlума ду и шиъ. lеламстаг - lеламстаг ву, ткъа дешнарг, lилма дерг - и дешна ву-кх, lилма долуш ву-кх, делахь а, lеламстаг вац иза. Итт шарахь дешча хуьлуш вац lеламстаг, ткъа шарахь дешча хуьлуш вац lеламстаг. Сирехь, Мисрехь, Саlудехь цхьацца университет яьккхича хуьлуш вац lеламстаг. Кхин хlума ду lеламстаг бохург.
Тlаккха муха вевзуш ву, маца хуьлуш ву lеламстаг аьлча, lеламстаг вевзуш ву цуьнан lибадатца, цуьнан Делах кхераре хьаьжжина, Дала ма де бохург цо lаддитаре хьаьжжина, Дала де бохучунна тlехь и сутар хиларе и деш хиларе хьаьжжина, lилмана тlехь и мел къахьоьгуш ву хьаьжжина, цо мел lилма lамийна хьаьжжина, муьлхачу lеламнахера lилма схьаэцна ву хьаьжжина, муьлхачу lеламнахера ижазаташ цуьнгахь ю хьаьжжина, муьлхачу lеламнаха и хастийна хьаьжжина, и дерриг чекхдаьллачул тlаьхьа, цуьнан мел дешархой бу хьаьжжина, цо мел нахана lилма дlахьехна хьаьжжина, мел бусалба динна цо пайда бина хьаьжжина, бусалба динах лаьцна цуьнан мел жайнаш ду хьаьжжина, мел дарсаш дина цо хьаьжжина, цо делла фатваш мел ду хьаьжжина, тlаккха цхьа кегаре долу, питане долу хаттарш эгча шена хьалха, царах и чекх муха волу хьаьжжина, цхьа бала тlебеъча и чекх муха волу хьаьжжина, нахаца цо лелош долу хазачу гlиллакхе, хазачу юкъаметтиге хьаьжжина - иштта цхьадолу хlуманаш ду lеламстаг вовзуьйтуш. Тlаккха хlоккхахь цхьа университет яьккхина, дlогахь кхиниг яьккхина, хlоккхахь итт шарахь дешна, дlогахь пхеа шарахь дешна аьлча, цунах хуьлуш вац lеламстаг. Шерашца хуьлуш вац lеламстаг - и ду вайна дуьххьара довза дезарг. Вай «lеламстаг» аьлча, дуьххьара хаа деза вайна буьйцурш нийса lакъидат тlехь болу lеламнах буй а, шолгlа - дешна болу наххий, lилма долу наххий баций, хlицца вай дийцина куьцаш шайгахь долуш болу lеламнах буй. Пхеа шарахь, итт шарахь дешна волу стаг ваций вай вуьйцург, мелхо, lеламстаг вуй. И башхалла хаа еза вайна. Цундела, вайн къамелана юкъабогlуш бац нийса lакъидат йоцуш болу lеламнах а, дешний, lилма долу нах а. Вайн къамелана юкъабогlуш берш lеламнах бу.
Тlаккха и «lеламнахана лер» бохург, дукха генара схьайогlуш тарих ю, хlара бусалба дин доладелчхьана дуьйна. Оцу юьххьехь йолаелла, тахана вайн заманга кхаччалц схьайогlуш ю иза. Нах lехо, хlора заманахь, жим-жимма дехьа агlора доккхуш, сехьа агlора доккхуш, куц хийца а хуьйцуш схьайохьуш цхьа тарих ю иза. Цхьана наха схьайохьуш а ю и - и хlоттош берш цхьа нах бу, и лелош берш цхьа нах бу, цуьнан бухе вай хьаьвсича.
Юхагlур ду вай бусалба дин долалучу юьхьиге. Цигара дlа жим-жимма схьадогlур ду вай, lеламнахана леран тарих хьахош. Хlунда лелош, стенна оьшуш ду lеламнахана лер, царна леран lалашо хlун ю, и хlума лелош берш муьлш бу, хьан юкъадаьккхина ду и, хьенан болх бу иза - хlара довзуьйтур ду вайна хlокху тарихо. Нагахь, вай хlокху тарихах кхетахь, дукха дика кхетар ду вай lеламнахана леран lалашо хlун ю.
Дуьххьара, Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) вале дуьненчохь дlадоьдуш долу хьал муха хилла?
Вайн Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) вале уггар тlаьхьа хилла волу Пайхамар - lиса ву. И ван а веъна, стигал хьалаваьккхинчул тlаьхьа, наха шайн дин хуьйцуш, жаlарна lибадат дечу наха шайга доссийна долу Инжил (библи) чохь шайна хаза ца хетарг дlадоккхуш, шайна дезарг чуяздеш, иштта цара и хийцина. Жуьгташа шайга доссийна долу Таврат а иштта хийцина. Тlаккха элий хилла, кхечу нахах шайн леш бина, цаьргара шайна ахчанаш оьцуш, царна дезарг ала а олуш, хьал долчу нахана дезарг Таврат чу я Инжин чу яздеш, ткъа цу чуьра царна цадезарг дlа а доккхуш, цара шайн кисина хlума кхоьссичхьана бохуш, церан кисане хьаьжжина шайн Таврат, Инжил хийца а хуьйцуш, хlорш элий болуш, кхиболу нах леш болуш хьал хилла дуьненахь лаьтташ. Тlаккха цу юккъехь Дала вайн Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) ваийтина, дуьнентlехь леш нехан леш болчара дlа а баьхна, Аллахlан леш бан царах. Нахана lибадат дечаьрга Аллахlна lибадат дайта. Вайн Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) вале, жаlарна lибадат дечо жаlарна деш, тlулгана lибадат дечо тlулгана деш - шайна луъучунна lибадат деш, боьха хьал хилла дуьнентlехь. Ткъа вайн Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам), и дерриге нисдан, тадан, бусалба дин дохьуш Аллахlа ваийтина. Тlаккха, вайна ма-хаъара, Пайхамар вогlушшехь, цунна дуьххьара дуьхьала хlитта безаш берш элий хилла lаш болу нах бу. Хlунда аьлча, церан элалла дlадер ду.
Жуьгтийн, жаlарна lибадат дечеран lеламнах бу бохуш болу нах бу уггар чlогlа вайн Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) дуьхьала хир берш. Хlунда? Элалла цаьргахь ду, Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) веъча, нийса дерг дlахlоьттича лаьтта тlехь, церан элалла дlадер ду, церан куьйга кlелахь болу нах, Аллахlан леш хилла дlахlуьттур бу, церан кисина южург соцур ю. Цундела, вайн Пайхамар вогlучу хенахь, уггар дуьххьара а, уггар чlогlа а цуьнан мостагlий хилла дlахlиттинарш жуьгтийн а, жаlарна lибадат дечеран а молланаш, церан lеламнах хилла. Амма уьш мел чlогlа мостагlий хилла дlахlиттарх, церан ницкъ ца кхочу иза сацо а, цу Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) деъна долу дин дохо а.
Тlаккха цара хlун до?
Цара жим-жимма шайн болх дlаболабо, вайн Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) гучуваларца.
Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) гучу ма-велла, дин дийца ма-волавелла, Аллахl вийца ма-волавелла, lибадат Аллахlна бен дан мегаш дац бохуш дийца ма-волавелла, керста наха хlун до?
Цо вуьйцуш волу и Аллахl бехван буьйлало уьш. Аллахlна лен буьйлало уьш! Вай тlе тидам бахийта дезарг ду, «лер» бохуш долу хlума хlокху меттехь дlадоладели. Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) Аллахl вийца ма-волавелла, жуьгташа динарг - Аллахlна лен буьйлабелла уьш. Аллахl къен ву аьлла цара, Аллахl пис ву аьлла цара, маликаш Аллахlан йоьlарий бу аьлла цара. Бусалба дин дале, lарбишна юкъахь хlусамехь йоl хилар чlогlа сийсаза, эхье хlума хилла, къаьсттина, дуьххьара доьзалхо йоl хилча. Йоl оццал сийсаза лерина хилла цара, бусалба дин дале. Ткъа бусалба дино и хlума дlадаьккхина, йоьlан сий дина дlахlоттийна. Делахь а, цара иштта, шайна гергахь, йоl сийсаза хlума долу дела, Аллахlан болх, шайн дагахь, кхин а сийсазбеш хилла. Маликаш Аллахlан кlентий бу аьлча а дара иза доккха сакхт, цара тlекхуллуш Аллахlна. Делахь а, цара кlентий бу ца олуш, мелхо, йоьlарий бу аьлла. Луьш бу-кх уьш Аллахlна, цкъа къен ву олуш, юха пис ву олуш, юха маликаш Цуьнан йоьlарий бу олуш - массо агlора.
Ткъа lалашо хlун ю?
И ду вайна хаа дезаш дерг. Аллахlна леран lалашо - бусалба дин дlа ца хlоттийтар ю! Аллахlан дин лаьтта тlехь дlа ца хlоттийтар ю ерриг lалашо.
Хlунда ю?
Уьш оцу кепара Аллахlна лийча, Аллахl цара бехвича - къен верг Аллахl ву, пис верг Аллахl ву, маликаш Аллахlан йоьlарий бу цара аьлча, иштта кхин боьха мел дерг цара тlекхоьллича, наха эр ма ду: «Оццал боьха волчу Аллахlна lибадат оха муха дийр ду?». Нахе Аллахlна бен lибадат ма де бохуш, дин кхайкхош Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) ву, ткъа уьш цо вуьйцуш волу Аллахl бехвеш бу тlетаьllина, И бехван гlерташ бу, Аллахl бехван церан ницкъ кхочур бац. Аллахlна луьш бу уьш, хlунда аьлча, Аллахlа Къуръан чохь боху:
وَلَن تَرْضَىٰ عَنكَ الْيَهُودُ وَلَا النَّصَارَىٰ حَتَّىٰ تَتَّبِعَ مِلَّتَهُمْ
«Жуьгтий а, насараш а реза хир болуш бац хьуна‚ хьо церан динна тIаьхьа хIотталц».
Кхечу аятехь боху Аллахlа:
وَلَا يَزَالُونَ يُقَاتِلُونَكُمْ حَتَّىٰ يَرُدُّوكُمْ عَن دِينِكُمْ
«Шуьца тIомбечуьра совцур болуш бац уьш [керстанаш], шайн динах шу юхадаххалц».
Тlом бар, вайна ма-хаъара, деккъа герзаца хуьлуш дац. Герзаца, политикаца, нехан хьекъалш хийцарца, нехан ойланаш хийцарца а бо тlом. Тlаккха цара, дуьххьара Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) дин дlакхайкхо вола ма-велла, нехан хьекъалш хийцарца беш болу тlом дlаболийна. Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) Аллахlна бен lибадат дан мегаш дац бохуш дуьйцуш ву, ткъа уьш, нахана гергахь Аллахl бехван гlерташ бу. Оццал боьха сурт Аллахlан нахана хьалха цара хlоттийча, наха цкъа а дийр ма дац Цунна lибадат. «Хlоккхул боьхачунна оха муха дийр ду lибадат?», - эр ма ду наха. И нахе алийта, цу тlе кхачо лаьаш, Аллахlна луьш хилла уьш.
Тlаккха леран lалашо хlун яра?
Церан элалла дlадолу, нагахь бусалба дин дlахlоттахь, цундела, и дlа ца далийта, царна бусалба дин ца деза, и дlахlоттийта ца лаьа царна. Аллахlа уьш реза хир бац боху, шайн динна шу тlаьхьа хlитталц.
Тlаккха реза дац шаьш аьлла lадlаш ма бац уьш, Аллахlа кхечу аятехь ма-аллара: «Шуьца тIомбечуьра совцур болуш бац уьш [керстанаш], шайн динах шу юхадаххалц». Реза а ца хилла, тхо шуна реза дац аьлла, охьахевшина lаш бац уьш, вайца тlом бо цара - герзаца, ойланца, политикаца. Иштта нехан хьекъалш, ойланаш хийцарца беш болу тlом дуьххьара дlаболийна цара Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) дуьхьала.
Дикка кхиамаш хуьлу церан цу тlехь, дуьххьара нах тlаьхьа ца хlуьтту, юха цара дуьйцург харц дуй хуий, Аллахlа аят доссош, Пайхамар хиларан билгало (муlжизат) Дала гучуйоккхуш, нах дине берза буьйлало, Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) тlаьхьа хlитта буьйлало. Тlаккха шайн дерг чекх ца даьлча, нах Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) тlаьхьа хlитта буьйлабелча, цу тlехь совцуш бац уьш. «Цкъа а реза хир бац хьуна», - ма боху Аллахlа Къуръан чохь. Болх беш а бу уьш. Хьо шайн дине юхаваллалц, хьуна дуьхьала тlом беш болх беш бу уьш.
Тlаккха Аллахl вийца, бехван дуьйладелча, шайн цунах гlуллакх ца хилча, хlун до цара?
Аллахlера хаам бохьуш, Къуръан дохьуш вайн Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) тlедогlуш долу Жабраил-маликна лен буьйлало уьш, Аллахlна лерах шайн гlуллакх ца хилча.
Юха а хаттар ду, Жабраил-маликна леран хlун lалашо ю?
Жабраил-маликна леран lалашо - Аллахlера дин дохьуш Пайхамарна тlедогlуш дерг Жабраил-малик ду, нагахь, тешаме дац и малик бахахь, боьха ду бахахь, дика дац бахахь, тlаккха цо схьадеъна дин а цо шегара хийцина хила ма деза. «Цо схьадеъна дин оха-м лелор дац», - эр ма ду наха. Цу тlе дало, и алийта, и хlума нахана чудижо, Аллахlна лерах гlуллакх ца хилча, уьш Жабраил-маликна лен буьйлало. Цара Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) тlе а баьхкина хотту, муьлха малик ду хьуна хаам бохьуш тlедогlуш дерг олий. Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) жоп ло, Жабраил-малик ду олий. Цара олу: «Жабраил-малик даима lазап дохьуш, нахана lазап луш малик ду, хьуна тlедогlург и хиларна, оха хьоьца иман дуьллур дац. Ткъа хьуна тlедогlург Микаил-малик делхьара, хьоьца иман дуьллур дара оха».
lалашо хlун ю?
Бусалба динах нах юхатохар ю! Царна башхалла яц, Аллахlна лийна уьш юхатоьхча, я Жабраил-маликна лийна уьш юхатоьхча, я Пайхамарна лийна юхатоьхча а. Хьанна лийна а, хlуъа дина а бусалба динах нах юхатохар, бусалба дин дlа ца хlоттийтар, бусалба дин дохадар - и ю церан lалашо. Иштта Жабраил-маликна лен буьйлало уьш. Жабраил-маликан хьокъехь Аллахlа аят досадаллал чlогlа цунна лоь и керста нах. lазап дохьуш малик ду и аьлла нехан а, берийн а дагчу дижорхьама. Хlунда аьлча, оццал боьхачу малико деъна долу дин нийса хир дуй те аьлла, нах динах юхабахархьама. Дуьххьара кхиамаш хуьлу церан цу тlехь, нах юхабовлуш хуьлу, юха Дала аят доссадой Жабраил-маликан хьокъехь, Пайхамарехь (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) муlжизаташ а ду гучудуьйлуш. Гlуллакх хуьлуш дац церан, нах, де дийне мел долу, Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) тlаьхьа хlуьттуш, дин тlеоьцуш бу, бусалба дин шорлуш гуш ду царна. Тlаккха а керста стаг къарлуш вац, шайн гlуллакх тесна дуьтуш дац цо, баккхий кхиамаш безаш а ву и. Реза бац уьш бусалба дин дlахlоттийта. Цундела, Аллахlна лийча а, Жабраил-маликна лийча а шайн гlуллакх ца хилча, кхозлагlа Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) лен буьйлало уьш. Вайн Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) пайхамаралла шега доссале, Маккахь уггар тешаме верг, бакълуьш верг бохучу цlершца вевзуш хилла ву. Оццал цlе яхна волу Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) дин дийца волавелча, цу динах нах шайга юха ца бахабелча, шаьш бакъвеш хилла волчу Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) лен буьйлало уьш. Пуьташ буьттуш ву олу цара цкъа, юха бозбуунчалла лелош ву олу цара, тlаккха хьалха дlабаханчу нехан туьйранаш дуьйцуш ву олу, жинашца тайна ву олу, иштта бес-бесара цунна цlерш тохкуш, lовдал ву олуш, кхидерг олуш, Пайхамарна лен буьйлало уьш.
Юха а ду хаттар, lалашо хlун ю?
Царна хьалха Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хlиццалц уггаре тешаме верг, уггар сийлахь верг хилла ву. Шайна юккъехь цхьа хlума доьжча, цуьнга пайхамаралла а доссале хьалха, цо шайна юкъахь диначу хьукманна уьш реза а хуьлуш стаг хилла ма ву.
Ткъа хlинца лен хlунда луьш бу уьш, хийца ца веллий ма хаьа царна, хьалхалера Мухьаммад вуй ма хаьа царна? Леран lалашо хlун ю?
Бусалба дин дlа ца хlоттийтар, бусалба дин дохор ю lалашо! И цхьа lалашо ю Аллахlна леран хилларг а, Жабраил-маликна леран хилларг а, юха Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) леран хилларг а. Тlаккха Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хlунда луьш бу, бусалба дин дlа ца хlоттийта аьлча, бусалба дин дуьйцуш верг Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хилча, амма и Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) оццал боьха, lовдал стаг велахь, туьйранаш, харцдерг дуьйцуш стаг велахь, жинашца тайна стаг велахь, цуьнгара дин схьа хьан оьцур ду? Цуьнга лан хьан дугlур ду? Дин цуьнга бен дуссуш дац, Аллахlера хаам цуьнга бен хуьлуш бац, ткъа иза иштта боьха стаг ву бахахь, оццал боьхачу стагера ша оьцур дац дин схьа, оццал боьхачу стага деъна дин ша лелор дац эр ду хьамма а. Макки чохь болчу керста наха шайн берашна хьоьхуш хилла, Мухьаммад я цуьнца иман диллинчех цхьаъ шайна тlекхачахь, цара дуьйцучуьнга ла ма догlалаш, шайн лерга пlелгаш дохкалаш бохуш. Гергарчу ярташкара Макки чу цхьаъ вогlучу хенахь, хьехарш деш хилла цара, цу чохь Мухьаммад (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) ву, цуьнан къамеле я цунна тlаьхьа хlоьттинчу цхьана асхьабе ладоьгlча, ша хlун леладо ца хууш, царна тlаьхьа хlутту боху шуна, шайн лерга бамба боьллина бен ма гlолаш Макки чу бохуш. Тlаккха баккъал лерга бамба буллий, баккхий нах, хьекъал долуш болу, бераш ца дуьйцу вай, Макки чу богlуш хилла, шайна Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) я цунна тlаьхьа хlиттинчу нехан къамелаш ца хазийта. Баккъал моьттуш хилла царна церан къамеле ладоьгlча стаг, ша хlун леладо ца хууш, царна тlаьхьа хlутту. Ткъа тlаьхьа хlутту бохург бакъ ма дуй, хlунда аьлча, хьекъал долчу стага нийса дерг хезча, дlалоцу, шена гуш долу дела нийса дерг, харц дерг. Нийса дерг хезашшехь цо иман дуьллу, тlаккха вукхара и харцхьара а даьккхина, бехдо. «Уьш боьха нах бу, цара сихьр дой, бозбуучалла леладой, ша хlун леладо ца хууш, стаг тlаьхьа хlоттаво шайна, цаьрга ла а ма догlа, лерга бамба болла», - олий, хьехарш деш нахана. Оцу хьоле кхаччал эрча даьккхина хилла цара Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хьокъехь долу хlума. Оццал чlогlа луьш, бехвина хилла цара иза. Юьхьанца, вукху шина хьолехь ма-хиллара, Аллахlна лийча а, цул тlаьхьа, Жабраил-маликна лийча а, иштта Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) лен буьйлабелча, шортта кхиамаш хилла церан.
Наха Макки чу богlуш лерга бамба буллуш хилла, Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) къамел шайна ца хазийта.
Ткъа хьенан кхиамаш ду уьш?
Жуьгтийн кхиамаш ду. Цара Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) тlе кхоьллина йолу харцонаш бахьанехь хилла хилам бу иза. Уьш Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) луьш бу, ткъа цхьаболчу нахана и бакъ ду моьттуш, лерга бамба я пlелг буллий схьабогlу нах. Делахь а, хан дlайоьдуш, нахана гуш ду, Пайхамар а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам), цуьнан асхьабаш а Маккахь бехаш бу, дlасабоьлхуш бу. Тlаккха бакъдерг-харцдерг жим-жимма гучудолуш ду. Уьш иштта боьха бу бахарх, нахана хьалха дlахlуьттуш хlора дийнахь, вовше гуш, йохк-эцар лелош, бист хуьлуш, юкъаметтиг лелош хилча, дуьйцург эладита дуй, бакъ даций билгалдолу нахана. Цу кепара, керста нехан болх чекхболуш бац, Аллахlан болх тоьлуш бу, бусалба дине нах чуоьхуш бу, бусалба дин шорлуш ду. Юьхьанца кхиамаш хуьлу церан, нах къаьхка бусалбанех, делахь а, хенаца бакъ ца хилар, харц хилар хаало, юха а нах тlаьхьа хlитта буьйлалуш, дин шорлуш дlадоьду. Жуьгтийн, керста нехан гlуллакх оьшу, бусалба дин тоьлу.
Цул тlаьхьа, Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) пачхьалкх хlоттийна, дlа а кхелхина и, дуьххьарлера халиф Абу Бакр Сиддикъ дlа а хlоьттина. Бусалба динехь дуьххьарлера халиф Абу Бакр ву, Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) вац. Хlунда аьлча, Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) дийна волуш хилларг пайхамараллин зама ю. Абу Бакр халиф хlоттарца дlайолаелла ю халифат дуьнентlехь. Иштта Абу Бакр Сиддикъ халиф хlоьттина, иза а дlакхелхина, цул тlаьхьа lумар Хаттаб халиф хlоьттина, дlа а кхелхина, кхозлагlа халиф lусман дlахlоьттича, питана дlадолало. Жуьгтий а, керста нах а шайн хьалххе дуьйна бу болх беш, церан болх сецна а бац, делахь а, церан чекх ца болу и цхьана а агlора. Вайна билгал ма-даларра, Аллахlна луьш, Жабраил-маликна луьш, Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) луьш - шайн ницкъ ма-кхоччу къахьоьгу цара, делахь а, чекх ца долу церан. Амма цигахь сецна бац церан болх. Керла хlума юкъадаккха ницкъ бац церан, бусалба дин тоьлла, дуьхьала кхин хlума лело аьтто бац керста нехан, цундела дlатийна уьш. Тlаккха а болх беш бу уьш, ойла еш бу уьш. Иштта Абу Бакран замангахь, lумаран замангахь хlумма а дан ницкъ ца кхаьчна церан. Ткъа lусманан замангахь lабдуллахl ибн Сабаъ цlе йолу жуьгтий, иман диллина ву ша, бусалба ву ша олий дlаволало Йеменехь, цигара цlера хилла ву и. Нахана юкъахь питана дан волало и. Кхузахь дуьйна кхин а говзачу агlора бан болий цара шайн болх. Хlиццалц Аллахlна луьчу хенахь, Жабраил-маликна луьчу хенахь, юха Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) луьчу хенахь а луьш берш шаьш бара уьш, ткъа хlинца кхечу агlора болий цара болх, кхин а говза. Лер бохуш долу питана бусалба нахана юкъакхоьсси цара. Луьш берш бусалба нахана юкъахь гучубехи цара. Кхин а говзачу агlора бусалба динна дуьхьала тlом болий цара.
Башхалла хlун ю?
Луьш верг жуьгтий, керста стаг хилча, цуьнга ла ца дугlу бусалба стага. Цунна гергахь и боьха ву, керста ву, жуьгтий ву. Амма и луьриг бусалбанех хилча, бусалба ву ша бохург хилча, цунна тlаьхьа хlуттуш волу, цуьнга ладугlуш волу жlехlал стаг нисло, хьекъал доцург нисло. Цундела, шаьш лийча ла ца дугlу дела, лер бохуш долу питана бусалба нахана юкъадилли цара, бусалба нахана юкъахь луьш берш гучубахарца. lабдуллахl ибн Сабаъ иман диллина ву ша аьлла бусалба нахана юкъаваийтина цара. Цуьнга ладогlа а, цунна тlаьхьа хlотта а нахана юккъехь lилма доцург, кхетам боцург караво. Бусалба а вац иза, делахь а, бусалба нах лебеш, иман диллина ву ша аьлла, царна юкъа а веъна, нах вовшах тоьхна цо lусманна луьш - боьха стаг ву, нийсо еш вац бохуш. Цул тlаьхьа, и нах эцна Мадинате вахана, питана дина цо. Хlоккхахь дуьйна тарихехь кхин а говзачу агlора тlом бан lеми жуьгташна бусалба динна дуьхьала.
И хlун тlом бу?
Лер шаьш кхочушдеш доцуш, бусалба нахана юкъахь луьш берш гучубахарца беш тlом бу и. Кхузахь бусалба нахана юкъахь луьш берш гучубовларан тарих ю йолалуш. Кхидlа иштта дlахьуш ю и. И луьш болу нах гучу а бохуш, цаьрга шайн болх дlабохьуьйтуш. Тlаккха цу тlехь кхиамаш хуьлу церан. Хlунда аьлча, нахана гергахь луьш верг керста вац, жуьгтий вац, бусалба ву. Асхьабех волчу lусманна луьш берш бусалба бу бохуш болу нах бу, lеламнахана луьш берш бусалба бу бохуш болу нах бу, цундела питана доккха а хуьлу, бусалба нах бекъар аттаче долу. Луьш верг керста хилча, керста стаге ладугlу аша, керста ма ву иза, боьха стаг ма ву иза эр дара жимма а хьекъал долчо. Амма нахана хlинца гуш ша санна бусалба ву боху стаг дуьхьала дlа а хlоьттина луьш хилар ду. Халиф волу, Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьаб волу lусманна луьш верг бусалба ву боху стаг ву, цунах питана дlадоьду. Тlаккха lабдуллахl ибн Сабаъ боху жуьгтий lусманна лен, и бехван, цунна нах дуьхьала баха волавелла.
Юха а хаттар ду, lалашо хlун ю?
Бусалба дин дохор ю! lусманера даьлла цхьа а хlума дац, дуьххьара хьахийначу кхаа хьолехь ма-хиллара, бусалба дин бехдар, дохор, нах динах къахкор - и ю ерриг lалашо.
Оцу жуьгтичо Сирехь, Мисрехь, Иракехь нах тlаьхьа а хlиттабо, нехан ойланаш хуьйций, Аллахlа Къуръан чохь ма-аллара: «Шуьца тIомбечуьра совцур болуш бац уьш [керстанаш], шайн динах шу юхадаххалц». Цкъа а харц хила йиш йоцуш долу Аллахlан дош бакъхуьлу. Цо тlом бо бусалба нахана дуьхьала хьекъалца, нехан ойланаш хийцарца. Шена тlаьхьа хlитта нах лоху цо, харцонаш халифна тlе а кхуллий, нах вовшах тухий, lусман я вен, я дlаваккха веза олий Макки чу воьду и. Цул тlаьхьа Мадинате воьду и, lусман дlаваккха я вен дагахь. Жуьгтий ву иза ша иман диллина бохуш нах lехош, амма иман диллина воцуш. Тlаьххьаре оцу питанна юккъехь lусман дlакхалхар нисделла, цуьнан хlусамна го а бина, церан керахула. Цигахь дlайолало шиlийн тобанан юьхьиг. Заманан яхаллехь цхьацца хlуманаш совдуьйлуш, боьхаче бовлу уьш, делахь а, дуьххьарлера юьхьиг цигахь йолаелла ю. Оцу жуьгтичо кхоьллина и тоба.
Тlаккха керл-керла хlуманаш хlунда лелош ду цара?
Дуьххьара, вай ма-дийццара, Аллахlна лийра уьш, юха Жабраил-маликна, цул тlаьхьа Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) лийра уьш, тlаккха lусман бехвина, и дlа а ваьккхина, шиlийн тоба кхоьллина цара. Цхьана эшшара дlабоьлхуш хилча, кхиамаш дукха ца хуьлу. Масала, Аллахlна лен буьйлабелира уьш, цхьацца наха ла а дуьйгlира цаьрга, амма жим-жимма бакъдерг билгалдала доладелча, царна тlаьхьа хlуттуш я ладугlуш стаг ца хуьлу. Мелхо, царна тlаьхьа хlоьттинарг а, Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) агlора волу. Тlаккха керла хlума доло, керла питана меттахдаккха, керла, нах шайна тlаьхьа хlитто, хlума юкъадаккха деза, динах нах къахко.
Ткъа хlун юкъадоккху цара?
Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) тlедогlуш долчу маликна лен буьйлало уьш. Баккхий кхиамаш хуьлу церан юха а. Ткъа хан яьлча, наха кхаьрга кхин ла ца дугlу, Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) тlаьхьа хlуьтту нах. Юха а керлачу хlумане хьашт хуьлу керста нах. Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) лен буьйлало уьш. Цунах а кхин гlуллакх ца хуьлуш, зама дlайоьду. Керла хlума юкъадоккху цара, Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьаб волу, бусалба нехан халиф волу lусманна лен буьйлало уьш. И бехвой, воьй дlавоккху цара, тlаккха шиlийн тоба а кхуллу цара.
Стенна оьшуш ю керла тоба?
Изза бахьана ду цунна а, керла хlума ца хилча, нах тlаьхьа хlуьттуш бац, севцца, мелхо, тlаьхьа хlиттина хилларш дlабоьлхуш бу бусалба дине.
Ткъа хlун до бусалба нахана юкъахь шиlийн тобано?
Шортта нах бусалба нахах дlакъастабо. Тахана вайна евзуш йолу пачхьалкх Иран, ерриг ала мегар долуш, шиlийн ю. Иракехь, Сирехь шортта шиlий бу. Азербайджанехь ах сов шиlий бу. Оццал доккха питана дина цара. И тоба кхоьллина, lабдуллахl ибн Сабаъ бохучу жуьгтичун кхиамаш тахана а вайна гуш бу дуьнентlехь. Дуккха а нах дlакъаьстина бусалба нахах, мелхо, бусалба нехан мостагlий хилла дlахlиттина уьш. Жуьгтел а, жаlарна lибадат дечарал а чlогlа мостагlий хилла царах. Зама дlайоьдуш шиlашна юкъахь а цхьацца тобанаш гучуйовлу. Боьха мел дерг совдолу церан, шайн дин хила долало церан, шайн массо а хlума хуьйцу цара. Царах цхьаберш Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабашна лен буьйлало. Уьш бехбеш, царна неlалташ кхайкхош, кхидолу боьха мел дерг дуьйцуш.
Юха а хаттар ду, lалашо хlун ю?
Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабаш хlунда бехбеш бу, стенна оьшуш ду и? Кхин керла хlумма а доцуш, хьалха дlадаханчу деа хьолехь хилларг ю lалашо - бусалба дин дохор, бусалба динах нах къахкор. Ткъа муха къахкабо нах бусалба динах, Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабашна лен а лийна? Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабаш боьха нах бу бахахь, тешаме бац бахахь, шиlаша царна тlе кхуллуш дерг дийца ваьхьар воцуш боьха хlуманаш ду, тlаккха оццал боьха асхьабаш бу бахахь, церан накъост хилла волу Пайхамар а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хила ца веза боьха? «Сел боьха волчу Пайхамара деъна долчу динах вай хlун до?», - эр ма ду наха.
Цу тlе кхачорхьама луьш бу Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабашна. Аллахlна лийча а, Жабраил-маликна лийча а, Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) лийча а шайн гlуллакх ца хилла дела, цу Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабашна лен буьйлало уьш. Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) накъостий болу, цунна уллера бовлуш хилла боцу, цунна гlо деш, цуьнца гlазоташ деш лелла болу асхьабаш сел боьха нах хилча, муьлхха а хьекъал долчо эр ду, оццал боьха нах Пайхамаран асхьабаш хиллехь, иза ша а хила веза боьха. И алийтархьама, Пайхамарна а ца луьш, цуьнан асхьабашна лоь уьш. Кхин тоба гучуйолу шиlашна юкъахь, Мухьаммад Пайхамар а вац, Жабраил-малик галдаьлла деъна хилла цунна тlе, lелина тlе даха дезаш дара иза бохуш йолу. Мухьаммад а воцуш, lела хила везаш вара Пайхамар бохуш йолу. Иштта жуьгташна ма-еззара кхин тоба кхоллало шиlашна юкъахь. Асхьабашна луьш йолу тоба а ю жуьгташна ма-еззара, делахь а, Пайхамарна лер шайн чекх ца даьлча кхоьллина яра иза. Ткъа асхьабашна лен буьйлабелча, царах керла тоба схьаели, нисса дlа Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) луьш. Вай кхета дезарг ду, Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабашна лен буьйлабаларан бахьана дара, Аллахlна а, цул тlаьхьа Жабраил-маликна а, Пайхамарна а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) лийча гlуллакх цахилар. Ткъа Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабашна лен буьйлабаларца, цу леран кlоргене бахарца, кхоллаели керла тоба, Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) шена луьш йолу. Мел боккха кхиам хилла церан! Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабашна луьш болу нах юкъабовларца хилла и кхиамаш. Пайхамарна шена луьш, шайн Къуръан ду, шучух тера а доцуш бохуш йолу тоба кхоллаелла царах. Керла тоба гучуели Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) цхьа а хьадис бакъ ца деш.
Дола мичара деллера?
Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) асхьабашна лерна тlера доладеллера. Цул тlаьхьа, шиlий а боцуш, амма царах схьабевлла цхьа нах хуьлу, тахана а жимма болуш а бу уьш, Къуръаниййунаш олуш болу. Цара олу, Пайхамарера (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) схьадаьхкина хьадисашна юкъахь бух болуш дерг ду, бух боцург ду, ткъа къасто хуур дац царах муьлхург-хlун ду, Къуръанахь дерриг долуш ду, и кхачаме ду, хьадисаш оьшуш дац. Цу пекъаршна ца хаьа, хьадис ца хилча, шаьш Къуръанах кхетар даций. Цул тlаьхьа, юха а керста нах керлачу хlумане, керлачу питане хьашт хуьлу, нах динах юхатохархьама, къахкорхьама. Ткъа дожориг доккха хlума ца хилча, кхиамаш а баккхий ца хуьлу. Кхиамаш баккхий ца хилча, керстана там ца хуьлу. Дала ма-аллара: «Шуьца тIомбечуьра совцур болуш бац уьш [керстанаш], шайн динах шу юхадаххалц». Хьекъалца, ойланца беш болу тlом сацош а бац цара.
Тlаккха «вахабизм» дош юкъадаккхарца, керла хlума доладо цара бусалба нахана юкъахь. Цунах а баккхий кхиамаш хуьлу, масех бlе шарахь схьабогlуш болу. Дуьне мел ду и питана даржадо цара, и «вахабизм» бохуш йолу цlе бехйо цара, нахана цунах чlогlа боьха хlума тардеш. «Вахабисташа шайн нана яло магадо; Вахабисташа гlиллакх лело ца оьшу боху; Вахабисташа оьвлияаш бац боху», - иштта бехдо и дош. Ткъа цхьа а билгалдеш адам а доцуш дуьнентlехь. Деккъа дош ду билгалдина, бехдеш латтош. Тlаккха и цlе шайна мел ца везачунна тlекхуллу цара. Хlара вахабист ву, важа а вахабист ву бохуш. Бехдина дош ду, ткъа и дош шайна луъучунна тlекхуллу цара. Нахана юкъахь lадате а дирзина и хlума, шена ца везаш стаг хилча цунна вахабист олуш, ша реза воцуш хlума аьллачунна а вахабист олуш, динах доцу хlума цо аьллехь а цунна вахабист олуш. Ткъа кего даьккхича, мичара схьадаьлла ду а, хlун дош ду, муьлха тоба ю аьлла, дуьнентlехь «вахабизм» олуш йолу тоба ян а яц. Хьалха ваьлла стаг волуш, тlаьхьа хlиттина нах болуш цхьа а болам бац «вахабист» олуш. Жуьгташа бусалба нахана юкъакхоьссина питана ду. Генара схьайохьуш тарих ю иза, хlора дийнахь хийца а хуьйцуш. Тlаьххьара цара долийнарг и шиlийн тоба кхоллар дара, цу тlехь баккхий кхиамаш а хилира церан.
Амма керла хlума дацара хуьлуш, ткъа царна боккха хилам беза. Цундела цара, вай ма-аллара, и «вахабист» дош юкъакхуссу, цул тlаьхьа бусалба наха шаьш дlалеладо иза, шайна мел цавезачунна и дош тlе а латош.
Ткъа lалашо хlун ю?....
https://mixlr.com/adlan_xaracho • Дарсан низам:
...Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев