Жоп: «Рияъ» бохучух лууш дерг - ша еш йолу Iамал нахана гайтархьама яр ду, цара ша хесто лууш. Масала: ламазаш до, я марханаш кхобу, я сагIадоккху, я маьждиге лела, я Къуръан доьшу, иштта кхин муьлхха а Iамал йо, нахе ша хаставайта лууш, нахе шена иман долуш стаг ву алийта лууш.
20-гIа хаттар: Рияаца йина йолу Iамал АллахIа къобалйой?
Жоп: Рияаца йина Iамал шина декъе екъалуш ю:
1- Iамалъян дIаволалучу хенахь дуьйна а рияъ дан дагахь волуш йолор ду. Масала: ламаз дан дIахIуттучу хенахь дагахь рияъ долуш дIахIоттар. Иштта кхин муьлхха а Iамал елахь а, ткъа и Iамал АллахIа къобалъеш яц.
2- Iамалъян волавелла а волуш, цу юккъехь рияъ иккхи цуьнан дагчу. Масала: ламаз дан дIахIуттучу хенахь, дагахь цIенна АллахIан дуьхьа ламаз дан дог-ойла йолуш дIахIоьттина, ткъа цул тIаьхьа ламаз дечу юккъехь чувеанчу цхьанна хьалха рияъ ди цо, шен ламаз хьалхачул кхин а хазачу куьцехь дарца дойла цо, я шен сужудехь дукха Iарца дойла цо, я шен ламаз дахдарца дойла цо. Нагахь цо шен дагчу иккхина долу рияъ хьем боцуш, катоьххана шен дагара дIадаьккхинехь, шен дог-ойла АллахIна тIе а яхийтинехь, и Iамал къобалхир ю цуьнан. Нагахь цо шен дагчу иккхина долу рияъ катоьххана, цу минота дIа ца даккхахь, цхьаболчу Iеламнаха цо еш йолу и Iамал йоьхна лоруш ю аьлла, ткъа кхечара и Iамал йоьхна ца лору аьлла.
[БЕРАШНА ГУЛДИНА «АЛЛАХIАХ ТЕШАР ДУЬЙЦУ» 220 ХАТТАРНА-ЖОП, агlо: 11-12] https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев