Предыдущая публикация
Жоп: Iибадат бохучух лууш дерг - АллахIна муьтIахь хилар ду, Цо де бохург дарца, Цо ма де бохург дитарца.
16-гIа хаттар: АллахI хьашт вуй ткъа Шен леша Шена деш долу Iибадаташка?
Жоп: Вац. АллахI Ша кхоьллина цхьана а хIумане я цара деш долу Iибадаташка а хьашт вац, кху дуьнентIехь мел долчу адамо АллахIна Iибадат дича, Цуьнан совдолуш цхьа а хIума дац, я и массо адам цу АллахIна Iеса хилча, Цуьнан оьшуш а дац цхьа а хIума, лешна шайна ду цара Iибадат дича а, ца дича а, АллахIа боху Шен сийлахьчу Къуръан чохь: «Дика диначунна шена ду-кх иза, ткъа вон диначунна а ду шена».
[БЕРАШНА ГУЛДИНА «АЛЛАХIАХ ТЕШАР ДУЬЙЦУ» 220 ХАТТАРНА-ЖОП, агlо: 10] https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев