Жоп: Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «АллахIна хьалха лешна тIехь долу хьакъ - цара Цунна Iибадат дар ду, Цуьнца цхьа а накъост ца лоцуш».
Ткъа муха дийр дац АллахIна Iибадат, ша кхоьллина волчу, ша кхобуш волчу, шена рицкъ луш волчу, шена хазар, гар, садеIар, иштта дагардан ницкъ кхочур боцуш дуккха а ниIматаш шена делла волчу?! Цо де бохург лар а муха дийр дац?! Цунна муьтIахь а муха хир вац?! Цуьнан омра кхочуш ца деш а муха дуьтур ду?! И дерриге шена делла волчу АллахIна Iеса муха хир ву я Цуьнца накъост а муха лоцур ву?!
11-гIа хаттар: АллахIан хьакъ лено кхочушдича, хIун бекхам хир бу цунна?
Жоп: Шен хьакъ кхочушдиначунна АллахIа Iазап лур дац, шена чукхоьссича кхузткъе итт шарахь чукхаьчна ца волуш кIорга йолчу жоьжахати чу а кхуссур вац. Уггар Iазап дайн долучун хьал, кога буха йиллинчу алуно хье кхехкор болчу жоьжахатих а ларвийр ву. Дуьненчохь йолчу цIерал а кхузткъе иссазза йовха йолчу цIерга а кхуссур вац. Шен даар боьха, яхкаелла хьожа йогIуш долу, кхаьллича кийра а, чуьйраш а ягош, легашка чоьхьа ца болучу баьIех а долу. Жоьжахатин охIланан нотIах а, церан хьацарх а, мелча кийра батIош довха долчу хих а шен малар долу. Шен духар цIерах а, лалийначу цIастах а долу жоьжахатих генавоккхур а ву.
[БЕРАШНА ГУЛДИНА «АЛЛАХIАХ ТЕШАР ДУьЙЦУ» 220 ХАТТАРНА-ЖОП, агlо: 8-9] https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев