АллахӀа боху къудс хьадисехь: «Лай суна герга хира ма вац цхьана хӀуманца, Суна и чӀогӀа дукха дезаш, йа цулла дукха дезаш кхин дерг даъ доцуш, Аса цуьна фарз динчул...»
Цуьнан маьӀана, АллахӀа Шена уггаре чӀогӀа дукха дезаш долу хӀума, хьуна Ша фарз дина долу хӀума, и ахьа кхочуш дар ду боху.
Хьо АллахӀа герга, АллахӀа тӀе диллина долу фарз кхочуш деш доцуш, хиллуша вац хьуна. Хьо АллахӀа герга хила гӀерташ валахь, уггар чӀогӀа хьо АллахӀа герга вуьгур дерга, уггар чӀогӀа хьо АллахӀа герга ваха, АллахӀа дезаш дерга, иза хьайна тӀера ахьа фарз кхочуш дар ду.
Фарз хӀун ду, ламаз, марха, закат, хьажа, иштта зудчун шен духар, хьиджаб, боьрша стага шен маж лелор, иштта кхи мел ду уьш, рузбане вахар, иштта кхин дӀа а, муьлха АллахӀа фарз дина хьуна тӀе диллинарг ду ахьа АллахӀа герга ваха лело дезаш. Уггар хьалха фарз кхочуш дан дезаш ду, цулла хьалха хӀумма дан дац.
Цул тӀаьхьа боху цу хьадисехь АллахӀа, къудс хьадисехь : ...Сан лай соцура ма вац, суна герга хуьлучер, суннаташца, Суна иза дукха веза валлалц»
Сурт хотта де, АллахӀа дечу къамеле, хьуна АллахӀа дукха везарам иза цхьа ша хӀума дара, амма АллахӀан хьо дукха веза боху хӀума, иза инзаре хӀума ду. АллахӀан хьо дукха веза валийта ахьа кхочуш дан дезар, фарзаш кхочуш деш волуш, оцу суннаташкахь хьо сов вийлар.
АллахӀан хьо дукха везачу дарже хьо кхочуш вац хьуна, хьо деккъа фарзаш кхочуш деш мел ву, хьо цу суннаташкахь сов вуьйлуш вацахь, хьайна мел доьвзуш долу суннат кхочуш деш, ца доьвзарг довза гӀерташ, хьо оцу суннаташкахь сов валахь, тӀаккха кхочу хьо оцу дарже, АллахӀа хьо дукха веза дарже.»
- Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна
©Ӏадлан Харачо https://t.me/san_beshar
https://kuper.ru/contactsЭто фирма занимается обманом покупателей и подлогом.
...Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев